ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закъалтана лаьцна совдегар дIахецийтина хилла Делимхановс


Делимханов Адам.
Делимханов Адам.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина Госдуман депутато Делимхановс Петарбухера совдегар Яковлев Максим кIелхьарваккхарх лаьцна. Шен Telegram-каналехь Кадыровс яздина Яковлев Абхазехь закъалтана лаьцна латтийна хиларх лаьцна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, Делимхановс гIо дина закъалтхо латтон меттиг карош а, иза дIахоьцуйтуш.

Лачкъийна латтош волчу совдегарх Яковлевх лаьцна цхьа а хаам бацара 100 дийнахь. Иза маьршаваьккхина хиларх лаьцна хаам кхечира хIара бутт болалуш.

Совдегаро дийцарехь, иза закъалтехь латтийна 3 стага. Зуламхоша тIедожийнера Яковлев дIахоьцург 200 миллион сом далар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG