ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахь яккха хан кхайкхийна ша лаьцначу стага ницкъ бинчу полисхочунна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Забайкальехь кхело бехке вина, электрошокер а, ризянкийн гIаж а етташ, зулам дарна шеко йолуш ша лаьцначу стагана ницкъ бина полисхо.

Талламхоша дийцарехь, муьлш бу ца хуучу наха Приисковая станцин вокзалехь, куьзга а дохийна, кагйина хилла цIе яьлча хоуьйту система. Хилларг къасто цига ваханчу полисхочо тIелатар дина уггаре хьалха ша тIекхаьчначу шена букъ тоьхна лаьттачу стагана. Мийра тоьхна и стаг охьа а вожийна, цунна шозза чхьонкар тоьхна цо.

Цул тIаьхьа, полицин декъе а вигина, ток етташ, боцу бехк тIелаца бохуш, къиза хьийзина полисхочо бехк боцу стаг.

И зулам дарна 5 шо хан кхайкхийна цунна. Кхело тидаме эцна ша зулам дина хиларна полисхо къера хилар а, иза дохковаьлла хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG