ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь нохчийн кIант ша вийна хилар хаийтина 10 шо долчу лулахочо


Берлинера полици.
Берлинера полици.

10 шо долчу Берлинан вахархочо полице мукъарло дина 8 шо долу нохчийн кIант шен карах велла хилар, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цо дийцарехь, тIекъелдинчу цIана хьалха вилспетахь вогIучу кIантана тIе балкона тIера 15 кила хир йолу гуьйриг кхоьссина цо.

Нохчийн кIант кхелхинера кху беттан 14-чу сарахь.

Berliner Morgenpost зорбанан гIирсо дийцарехь, цу кIанта дуьйцург догIуш ду тешаша дийцинчуьнца а, видео камераша дIаяздинчуьнца а. Делахь а полицино дIа ца лаьцна зуламхо, ханна жима ву аьлла. Низамашлардархошна хетарехь, нохчийн кIант вен я лазо дагахь ца хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG