ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хIусамда верна зуда бехке йина Дагестанехь


Гайтаман сурт.

Дагестанан яхархочо шен майра вийна хила мега аьлла шеко йолуш бу республикан талламан комитетан урхаллан белхахой. Цунах лаьцна хаам бо Медиазоно.

Инцидент хилла Магарамкентан кIоштахь. Талламхойн версица, кху беттан 15-чохь 40 шо долчу зудчуьнан дов даьлла шен 48 шо долчу хIусамдеца, малар мелла хилар бахьана долуш.

Майра етта волавелла шен зудчунна, иза а, шайн йоI а юьйр ю ша бохуш кхерамаш а туьйсуш. Цунна дуьхьало ян гIоьртинчу зудчо урс тоьхна хIусамдена. Хиллачу чевнах оццу сохьтех велла стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG