ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудера журналист, гарехь, вийначух тера ду – Трамп


Трамп Доналд.
Трамп Доналд.

Iамеркин президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, СаIудера журналист Хашогги Джамал, гарехь, вийначух тера ду аьлла. И шен дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхочо Мэрилендехь Эндрюс авиабазехь.

Трампа билгалдаьккхина, ша официалан талламан жамIаш гучудовллалц собар дийр хилар а, СаIудийн Iедалш журналист верна юкъахьакхаделла хилахь тIаьхьалонаш Эр-Риядана вуно хирг хилар а.

Туркойн Iедалшна Истанбулехь журналист верна бехке хета СаIудийн консулствон белхахой.

Хашогги вайна кху беттан 2-чу дийнахь, дипломатин миссин керта ваьллачул тIаьхьа. Журналист цига вахана хилла шен хIусамнана ша йитина хиларх лаьцна кехат даккха. Туркойн талламхошна хета, Хашогги консулствон территори тIехь вийна аьлла. Эр-Риядо журналист варна Iедалан белхахой бехке бац боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG