ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанан хаттар юха а толлур ду гIалгIайн конституцин суьдо


ГIалгIайчоьнан Конститутцин кхело толлур ду Нохчийчоьнца доза хьокъехь бина барт нийса бина я ца бина бохург. Цуьнца боьзна латкъам кхаьчна цу органе республикерчу маситта депутатера а, вахархочуьнгара а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду суьдан сайта тIехь.

Латкъам луьстуш кхеташо хир ю кху беттан 25-чу дийнахь.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамчо Перехрист Артема дийцарехь, массо а суьдхо вац, озабехам а ца беш, сацам тIеэцалур болуш, хIунда аьлча уьш дакъалоцуш бара шина регионна юкъахь доза къасторна дуьхьал хиллачу акцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG