ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн принцан Мухьаммадан хьехамча бехке ван мегаш ву Истанбулехь журналист верна


Бин Салман Мухьаммад (юккъехь) Оьрсийчу визитца веанчу хенахь даьккхина сурт.
Бин Салман Мухьаммад (юккъехь) Оьрсийчу визитца веанчу хенахь даьккхина сурт.

СаIудин Iаьрбийн Iедалш дагахь ду журналист Хашогги Джамал верна бехке ву аьлла дIакхайкхо паччахь хир волчу принцаш бин Салманан Мухьаммадан хьехамча. Цунах лаьцна хаам бо The New York Times газето, шен кхаа хьастана тIе а тевжаш.

СаIудин куьйгалхой дIахьедар дан дагахь бу, инарла-майора Аль-Ассири Ахьмада вийна журналист, принцо цIа валаве шега аьлча, цунах нийса а ца кхетта.

И стаг стохка талламан сервисе балха хьажийна хилла, ткъа журналист а вийна ша Iедална муьтIахь хилар керлачу меттехь гайта гIоьртина иза, ала дагахь ду СаIудийн Iедал. Цу версино бехк дIабаккхочуш гIо дан мега аьлла хета паччахьан ганна Хашогги вейтинчу принцана тIера, журналист верца иккхина дуьненаюкъара кризис саца а еш.

Оппозицин ойланаш йолу журналист вайна кху беттан 2-чу дийнахь, Истанбулерчу СаIудийн консульствона чуваханчул тIаьхьа. Иза цига вахана хилла ша шен хIусамнана йитина хиларх лаьцна кехат даккха. Туркойн талламхошна хета, Хашогги консульствон территори тIехь вийна аьлла. Эр-Риядо журналист верна Iедалан белхахой бехке бац боху.

Хьалхо Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, СаIудера журналист Хашогги Джамал, гарехь, вийначух тера ду аьлла. Трампа билгалдаьккхина, ша официалан талламан жамIаш гучудовллалц собар дийр хилар а, амма СаIудийн Iедалш журналист верна юкъахьакхаделла хилахь тIаьхьалонаш Эр-Риядана вуно хирг хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG