ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къовсаман некъ чекхбоккхур бу Нохчийчохь


Буммат.
Буммат.

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза билгалдоккхуш къовсам эккхийтина гIалгIайн Аьрштана уллехула болу некъ бина чекхбоккхур бу гергарчу хенахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векало Матовников Александра, ТАСС агенталлана еллачу интервьхь.

Матовниковс дагадаийтира и некъ бахьанехь иккхина хилар къовсам. Цо дийцарехь, „Чеченавтодор" цигахь Бумматара -Ялхарой боьду некъ буьллуш ю федералан Iедалша бинчу сацамца.

Марсхьокху-беттан 24-чохь некъбиллархошна дуьхьалбевлла хилла меттигерчу историн юкъараллан векалш, Iедалша йихкинчу меттиге девлла шу аьлла.

Белхахолоша, шаьш хIун дан деза аьлла, хаьттина шайн куьйгалхошка. „Чеченавтодоран" векалш низамаш лардечу органашка бахана, ткъа цара некъ бечу меттехь къепе латто 10 полисхо хьажийна цига. "Иштта иккхина болу и къовсам кхехкачу тIегIантIе баьлла", - боху Матовниковс. Некъ хьан бийр бу аьлла, шега хаьттича, цо жоп делла, "хIун башхалла ю, цхьана пачхьалкхехь дехаш дац вай" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG