ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сурхахехь бахархошца цхьаьнакхетта Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилла пIераскана дийнахь ГIалгIайчуьрчу Сурхахи эвлахь. Цигахь иза цхьаьнакхетта къаночуьнца Нальгиев МухIажирца. И стаг вара Магасерчу митингехь Кадыровна маьттаза лийнарг.

"Нохчийчоь тахана" сайто дийцарехь, и цхьаьнакхетар хилла эвларчу маьждигехь.

Меттигерчу бахархоша социалана маашанашкахь бинчу хаамца, Нохчийчоьнан куьйгалхо веана хилла цу эвла 70 машенахь, амма и терахь оццул дара бохург харц до цхьаболчара.

Оццу дийнахь Кадыров хилла БатIал-Хьаьжин зияртехь, цхьаьнакхетта меттигерчу кегийрхошца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG