ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров къинтIера ваьккхина къаночо Нальгиевс


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан пIераскана дийнахь хилла ГIалгIайчуьрчу Сурхахи эвлахь. Цигахь иза цхьаьнакхетта меттигерчу къаночуьнца Нальгиев МухIажирца. И стаг вара Магасерчу митингехь Кадыровна ларам боцуш лийнарг.

"Нохчийчоь тахана" сайто яздарехь, и къано ГIалгIайчохь вевзаш а, лоруш а ву, ткъа Кадыровс иштта аьлла ша цига вахарх лаьцна: "Хьалхо Нальгиев МухIажира шен нахана хьалха динчу къамелашкахь ларам боцуш хIуманаш дийцинера сох лаьцна. Ас цуьнга схьадийца элира, хIун бахьанаш ду ахь сох лаьцна иза дийцар аьлла. МухIажира бохура, ас дийцинарг гIалгIайн къомана а, диндайщна а луьйш ас дийцина ду а моьттира шена"

Кадыровс кхетийна воккха стаг ша дийцинарг стенах дара, хьенах дара, хIунда дара.

"МухIажира, ша кхетам болуш стаг хиларе терра, дIахьедар дира со шен хIусаме ларам болуш веана, къонахо санна шега ларам болуш къамел а дина, ткъа ша къонах санна кIинтIера валар доьху соьга аьлла", - даладо Кадыровн дешнаш "Нохчийчоь тахана" сайто.

Кадыровс ша цIавирзина боху, хилларг бахьана долуш дагтIе боьжна бала дIабаларна воккхавеш. АллахIан дуьхьа къинтIера ваьлла ша, боху цо къаночунна Нальгиевна.

Кадыровс юха а дIахьедар дина, муьлхха а гIалгIа Нохчийчохь маьршша ваха бакъо йолуш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG