ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн Iедалш къера хилла журналист Хашогги вийна хиларна


Бин Салман Мухьаммад.
Бин Салман Мухьаммад.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалш къера хилла оппозицин журналист Хашогги Джамал вийна хиларна. Цунах лаьцна дIахьедар дина цу пачхьалкхан телевизионехула, хаам бо Reuters агенталло.

Пачхьалкхан прокуроран дIахьедарехь аьлла ду, Хашогги летта хилла Истанбулерчу СаIудийн консулствохь шеца цхьаьнакхеттачу белхахойх аьлла. И стаг верна бехке хила мега аьлла СаIудийн Iедалша лаьцна 18 стаг.

СаIудийн министрийн кабинетан куьйгалла дечу принцан бен Салман Мухьаммадан ши хьехамча дIаваьккхина балхара. Царах цхьаъ ву пачхьалкхан талламан сервисан куьйгалхочуьнан когаметта инарла-майор аль-Ассири Ахьмад. The New York Times газето хьалхо яздина ма хиллара, и стаг бехке ван дагахь дара СаIудийн Iедалш, журналист верна.

СаIудийн Iаьрбийн прессо хаам бина, шайн паччахьо Хашоггин кхолламах лаьцна телефонехула къамел дина Туркойчоьнан президентца ЭрдохIан Реджепца, яздо ББС-но.

Оппозицин ойланаш йолу журналист вайна кху беттан 2-чу дийнахь, Истанбулерчу СаIудийн консульствона чуваханчул тIаьхьа. Иза цига вахана хилла ша шен хIусамнана йитина хиларх лаьцна кехат даккха. Туркойн талламхошна хета, Хашогги консульствон территори тIехь вийна аьлла. Эр-Риядо журналист верна Iедалан белхахой бехке бац боху.

Хьалхо Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, СаIудера журналист Хашогги Джамал, гарехь, вийначух тера ду аьлла. Трампа билгалдаьккхина, ша официалан талламан жамIаш гучудовллалц собар дийр хилар а, амма СаIудийн Iедалш журналист верна юкъахьакхаделла хилахь тIаьхьалонаш Эр-Риядана вуно хирг хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG