Оьрсийчоьнан теман министро Шойгу Сергейс шаьш Шемахь биначу тIамах лаьцна дийцина. Цо чIагIдарехь, "Исламан пачхьалкхан" тобанаш "хIаллакъйина". "Верриг а операци дIахьош вийнарг ву 87500 тIемало, схьаяьккхина 1411 гIала а, эвла а, ткъа иштта Шеман 95 процент территори а", - аьлла Шойгус.
Министро дийцарехь, Шеман Iедало Iуналла деш бу 90 процент цу махкара бахархой.
И дерриг а Шойгус дийцина Къилба-Малхбалерчу Азерачу пачхьалкхех лаьттачу АСЕАН олучу ассоциацина юкъайогIучу пачхьалкхийн тIеман министрийн кхеташонехь.
Оьрсийчоьнан министро ца дийцина Шемахь кхелхинчу шайн эскархойх а, церан терахьах а лаьцна.