ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьа стаг дохковаьлла Магасерчу митингехь ша Кадыровна лерна


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарна дуьхьал Магасехь арабевллачу нахана юкъа а хIоьттина, картанаш а гойтуш, гIалгIайн латта дIадаьккхина Нохчийчоьно бохуш дехха къамел деш видео гучуяьллера интернетехь. Цуьнан турпалхо гIалгIайн Iедалехь лаккхарчу даржашкахь хилла волу Яндиев Даут.

Нохчаша лелош йолу харцонаш юьйцуш цо гуттар кIоршаме аьшнаш винарг вара Кадыров Рамзан. Оьзда доцу дешнашца мах хадийнера цу стага Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан.

Ткъа хIинца кхин видео яьржина интернетехь, иза коьрта турпалхо а волуш. Иза ю "Грозный" телекомпанино гайтина сюжет. Цу тIехь Кадыровга шена къинтIера валар доьху Яндиевс. ГIалгIайн жигархочо ларамаза даьллера, боху шегара ша дийцинарг. Цул сов, нохчийн къоме а доьху цу стага шена кънтIера далар, ша бух боцу, шегахь товш доцу къамелаш дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG