ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Электроцинк» заводехь цIе яларна Владикавказера дIаоьхуш бу бахархой


"Электроцинк", Владикавказ.
"Электроцинк", Владикавказ.

Вликавказехь цIе яьлла "Электроцинк" заводехь. И бахьана долуш 500 сов еакIо метр тхов чубоьжна. ЦIе дIайойуш кхоьллинчу штабан векало бинчу хаамца, заводан кертахь ю "саьнгалан мусталла" олу дIаьвше кочалла чохь йолу цистернаш.

ЦIе йойуш велла цхьа цIеяйархо. Кхин а кхо стаг вагийна. Верриг а цIе йойуш дакъалоцуш ву 146 стаг а, 42 машен а.

"Электроцинк" заводан территори 70,2 гектар ю. Цигахь болх беш ву 1,8 эзар белхало.

Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, цIеялар бахьана долуш Владикавказера дIаоьхуш бу бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG