ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вада гIоьртича вийна журналист Хашогги аьлла, яздо зорбанашкахь


Шена орца а доьхуш, вада гIоьртича "садукъийна" вийна СаIуда Iаьрбийчуьра оппозицин журналист Хашогги Джамал аьлла, хаамбо Reuters агенталло шайн хьосташна тIе а тевжаш. Векалтан белхахоша меттигерчу цхьана вахархочуьнга дIаделла хила цуьнна дакъа, лараш йойуш. Истанбулерчу саIудахойн векалаллан гIишло чу вахначуьра ара ца ваьллера Хашогги. Цул тIаьхьа кхо кIира даьллачул тIаьхьа Эр-Риядо тIечIагIдира журналист вийна хилар, амма тIе ца дитира шайн пачхьалкхан Iедалхойн бехк хилар.

СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхойн версица, консулаллан векалшца хиллачу латарехь вийна Хашогги. СаIудахойн прокуратурано 18 стаг лаьцна оцу гIуллакхан хьокъехь. Хашоггин кIанте кадамбина оршотдийнахь СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьо Салмана а, элано Салман бин Мохьаммада а.

Эла бехке вац оцу инциндентна аьлла, дIахьедо Iедалша, ткъа The New York Times газетана гучудаьлла Хашогги верна бехкевинчуьнца уьйрашкахь хилла хилар эла Салман бин Мохьаммад.

Немцоша СаIуда Iаьрбийчоьнна герз латтор сацор ду журналист верца доьзна аьлла, дIахьедина Германин канцлеро Меркель Ангелас. Германин Iедалхоша "луьра емалдо" и зулам, ишта лерина талламбар тIедожадо Эр-Риядна аьлла Меркела.

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа Iамеркан президентца Трамп Доналдца телефонехула хиллачу къамелехь бартбина, хиллачух шаьш кхачо йоллуш таллам бийр бу аьлла. Хашоггин езарна Ченгиз Хадиджана ха хIоттийнера туркойн Iедалхоша. Хьалхо Iамеркан президенто КIайчу цIийне кхайкхинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG