Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Ростов кIоштарчу декъо комендантан сахьт чIагIдар дехна, хаамбо "Коммерсанто". 16 шо кхаччалц долчу берашна хIоттийна низам 18 шо кхаччалц болчу кегийрхошлахь а дIасадаржийна хила догIу аьлла цара. Цул совнах 7 шаре даллалц долу бер воккхачун тергонехь доцуш урамехь лелийтар а дихкина.
Карарчу хенахь Ростов кIоштахь буса 10 сахьт даьлча Iуьйранна 6 сахьт даллалц баккхийнаш цхьана а боцуш 16 шо кхачанза кхиазхой арахь хила йиш яц.
Низамаш хьоьшучу дена-нанна юкъадаьккхина гIуда. Дуьххьара къепе йохаяхь 100 соьма тIера 500 соьме кхаччалц гIуда охьадилла дезар ду берийн дайн, нанойн.