ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юкъарчу хIусамашкара нуьцкъаша арадохуш ду шаьш аьлла Нохчийчуьрчу бахархоша


Маьхза хIусамашка сатуьйсу аферисташ Iорабаха аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллар, юкъарчу Iойленашкахь талламаш беш, цу чуьра нах ара а бохуш, дирзи. Меттигерчу бахархоша хаамбарца, оцу хIусамашкара нах шайн гергарчу нахе дIаоьхуьйтуш бу, яздо "Кавказан узел" агенталло.

Карарчу беттан 15-чохь Кадыровс дIаяьхьначу кхеташонехь Соьлжа-ГIаларчу юкъарчу Iойленашкахь талламаш бай, цу чохь Iен бакъо йоцурш чуьра ара а бахий, хIусамаш яла билгалбаьхначу нехан тептарера дIабаха аьлла, тIедиллинера хьаькамашна. Шайн чудаха хIусам яц аьлла, маьхза петарш ялара сатуьйсучу 19 800 стагах 20 эзар аферисташ бу, иштанехьа тховкIелоне сатуьйсуш аьллера Кадыровс.

Цул тIаьхьа арабевлла юкъарчу хIусамашкахула хьуьйсуш лела меттигерчу администрацин векалш а, полисхой а.

Йоллу Нохчийчохь болийна оцу тобано талламаш. ХIусамашкахь бехачара арздо, Iедалан векалша юкъарчу Iойленашкахь шаьш дуьтур дац, нагахь ярташкахь дехаш ду аьлла, тIеяздина шаьш делахь.

Бахархоша даредарца, юкъарчу хIусамашкара арабоху уьш, цхьана а кепара официалан кехат ца гойтуш, я кхелан сацам а боцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG