ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен адвокаташ дIатеттина Хазбиевс


ГIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад
ГIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад

Оршотдийнахь йоьдучу кхеташонехь адвокатийн Ибриева Хедин а, Сабинин Андрейн а гIо тIе ца эца сацамбина гIалгIайн оппозиционеро Хазбиев Мохьмада. Кхелахочо пхи де хан елла цунна, керла адвокат лаца. Нагахь оцу заманчохь цунна ца каравахь, шаьш шайн адвокат лур ву аьлла суьдхочо.

Оршотдийнахь Хазбиев Мохьмадан довхоттучу баьхкинера меттигерчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Акиев Тимур а, Хазбиевн гергарнаш а, накъостий а. РогIера кхелан кхеташо тIедогIучу оршотдийнахь хир ю аьлла, дIакхайкхийна.

Дуккха а шераш ду Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан Iедалца къийсало, бахархой протестан гуламашка бохуш. Цо кест-кеста емалйора махкара коррупци, шена харцонна тIехь бу аьлла го куьйгалхой, ша аьлча, ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров Юнус-Бек.

Шен махкара ведда, Нохчийчохь цуьнан къайлавалар нисделира 2015-чу шеран юьххьехь. Ростов гIалахь ядийна, лохуш йолу Тойота Лэнд Крузер Хазбиев Мохьмадан кертахь карийна, аьлла ю полицин претензи. Иштта, машенан лоьмарш хуьйцу гIирс а, герз а даьккхина цуьнгара, чIагIдо Iедалхоша.

Цул сов Хазбиевна бехке дуьллуш ду, бакъо а йоцуш, цIахь герз латтор а, Iедалхой аьшнашбар а. Цо бехк шена тIе ца лоцу. Бехктакхаман гIуллакх шена дуьхьал долоран бахьана хета Хазбиевна, ша дIахьош болу юкъараллан-политикан болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG