ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Норд Ост" дIалаьцна 16 шо кхаьчна


"Норд-Ост", 2002ш. ГIишло чохь йийна зуда арайоккхуш бу лоьраш

16 шо дуьзи Москохарчу Дубровкерчу театрехь «Норд-Ост» мюзикл йоьдучу заманчохь цу чуьра 1000 гергга стаг закъалте лоцуш, нохчийн тIемалоша тIелатар дина. Театр дIалаьцначара Кремл декхарейора Нохчийчохь тIемаш бен эскарш арадаха. Кхо де даьлча, беш лаьтта барт а бохийна, Iедало тIелатарца мукъаяккха йолийра гIишло.

ХIинца а муьлха хилла хоуьйтуш йоцу газ чу а хецна, хIаллакбира нах. 130 маьрша вахархо велира, 700 стеган могашалла талхийра, байира массо а тIемалой.

Цул тIаьхьа 8 шо даьлча Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам тIеийцира, Оьрсийчоьнан Iедало нехан дахар а хадийна, нийса кхел ян а новкъарло йина аьлла.

Ткъа Оьрсийчоьнан Талламан комитето ца айдира штурм йиначарна дуьхьал бехктакхаман дов.

XS
SM
MD
LG