ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдохIан: хьалхе дуьйнна бартбина хилла Хашогги вен


Туркойн президент ЭрдохIан Реджеп
Туркойн президент ЭрдохIан Реджеп

Хьалхе дуьйнна план хIоттийна, вийна ву СаIуда Iаьрбийчура оппозицин журналист Хашогги Джамал аьлла, дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа. СаIудахойн консулаллин хIусам чохь вийна иза политикан бух тIехь аьлла ЭрдохIана туркойн парламентехь вистхуьлуш. СаIуда Iаьрбийчуьра ши тоба хилла иза вуьйш аьлла хета Туркойчоьнан президентна. Шайлахь инарлаш болуш итт стагах лаьтташ хилла цхьа тоба.

Хашогги вен цхьа де диссинчу заманчохь Туркойчу баьхкинера уьш. ЭрдохIан тешна ву, журрналист вен хан а, меттиг а цара хьалхе дуьйнна билгалъяьккхина хиларх. Делахь а Туркойчоьнан хеттарш диссина Эр-Рияде, ишта жоп доьху цо, хьенан омраца арабевллера уьш. И хеттарш халкъашна юккъерчу юкъаралле къасто дала дагахь ву Туркойчоьнан президент. Иштта цо билгалдаьккхина, ша тешна хилар СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьо Хашогги вер таллар шен тергоне оьцур ду аьлла.

СаIудхойн журналисто Хашогги Джамала критика йора СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошна. ТIаьххьарчу шерашкахь Iамеркехь вехаш вара иза. Кху беттан 2-чохь Хонкарарчу СаIуда Iаьрбийчоьнан векалт чу вахначул тIаьхьа лар яйнера цуьнан. Консулаллан дозан тIехь вийна иза, ткъа цуьнан дакъа меженашка декъна бохуш, хаамаш баьржира туркойн зорбанашкахь. Журналист вер талла кхайкхина Iамеран Цхьанатоьхна Штаташ а, Евробарт а.

Дахначу кIиранах СаIуда Iаьрбийчоьно официалехь дIакхайкхийна, Хашогги консулаллан территори тIехь вийна хилар. Амма цара чIагIдо, летаршкахь ларамза вийна иза бохуш. Бехкечарна таIзар дийр ду аьлла, дIахьедира Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG