ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лечкъийначийн гергарчарна 1,5 миллион евро кхачийна Европан кхело


Стрсбургера адмийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло
Стрсбургера адмийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло

Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь операцеш дIахьочу заманчохь лечкъийначу нехан хьокъехь ша бина сацам бовзийтина адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело. Цаьрга дехар динчу 20 тобанна кхачийна цхьа миллион ах миллион сов евро компенсаци (1534 750 евро). 2001-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц идийначу нехан гIуллакхаш листинера Еврокхело.

Нохчийчохь байначу Асхабов Ваитан а, Мурдалов Шамханан а, Макаев Рустаман а, Сагдаев Адаман а, Эдильсултанов Русланан а, ЯхъяевгIеран вежарийн Салахьан а, Анзоран а, Ойбуев Ризванан а, Эльжуркаев Мохьмадан а, Дударкаев Зайндин а, Межидов Мохьмад-Эмин а, ШахидовгIеран Хьамзатан а, Ахъядан а, Исраилов Мохьмадан а, Исиев Разамбекан а, Лимаев Мовсаран а, Минцалигов Мусан а, Яхъяев Вахьидан а, Заурбеков Мусан а, Абдурзаков Асламбекан а, Исаев Сайханан а гергарчара арз динера Европан кхелахошка.

Оьрсийчоьнан юридикан министралла шечунна тIера ца йолура, байначийн гергарчара тоъал тоьшаллаш ца кхачийнера шайга, уьш дIабигинарш федералан, я кхечу пачхьалкхийн эскарш дара хоуьйтуш, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG