ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох Немцов вийначу меттигехь зезагаш дехкина Трампан хьехамчас


Кху деношкахь Москох веанчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан хьехамчас Болтон Джона зезагаш дехкира оьрсийн оппозиционер Немцов Борис вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIехь. Цул тIаьхьа Оьрсийчохь волчу Iамеркан векалца Хантсман Джонца Александровскан бешахь зезагаш дехкира Цавезачу Салтин коша тIе а, Керчь Турпал-ГIалин хIолламехь а.

Хьалхо цхьанакхетар хилира Болтонан Оьрсийчоьнан тIеман министрца Шойгу Сергейца. Доккхачу декъанна цушиммо дийцаредира Шемех а, тIеман урхаллийн контактех а.

"Керланаш" агенталло хаамбарехь, дийцарш "кхиаме а, пайде" дара аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан хьехамчас. Ишта гергарчу хенахь цхьанакхета лерина ву Болтон Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG