ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра муфтий дуьхьал ву дозанашна тIехула митингаш хIитторна


Магасера митинг
Магасера митинг

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара дозанаш бахьана долуш митингаш хIитторна ша дуьхьал хиларх дIахаийтина шинариндийнахь журналисташца хиллачу къамелехь Оьрсийчуьрчу Лакхарчу муфтийс Таджуддин Талгата. Цу кепара хеттарш "цхьана а митингашца дерзош дац, низам ду, къепе а ю" аьлла, билгалдаьккхина цо.

"Тхо догйовха ду, оцу шина вежараллин къаьмнашна юкъахь а, республикашна юкъахь а компромисс карийна ца Iаш, церан барт а, вовшах кхетар а хир ду аьлла", - дийцина Таджуддина ТАСС агенталан корреспонденте.

Байначу беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а куьйгашяздира шина республикана юкъара дозанаш билгалдохуш. Цу тIаьхьа шина кIиранах Магасехь протестан митингехь лаьттира гIалгIай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG