ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведев: Украинан бIеннашкахь бахархойх хьакхалур ю Оьрсийчоьнан санкцеш


Оьрсийчоьно Украинано дуьхьалйокху санкцеш хьакхалур ю бIеннашкахь оцу пачхьалкхан бахархойх а, цара доладечу компанех а аьлла, шинаридийнахь дIахьедина премьер-министро Медведев Дмитрийс.

Санкцеша дIакъовлур ю активаш, ахча ара а доккхуьйтур дац, ишта цхьа могIа кхача а, сурсаташ а йохкуьйтур яц шайн пачхьалкхехь. Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьединера, шайн махкахь бехачу Украинан могIарерчу бахархошна дуьхьал санкцеш йохур яц аьлла. Украинан къам хIинццалц а санна "вежараллин" къам ду, цуьнан "товш боцу векалш" юкъара баьхча аьлла, тIетоьхна Медведевс.

Де хьалха Путин Владимриа куьйгяздира Украинана дуьхьал санкцеш йохуш. Ишта цо тIедиллина, санкцеш хьакхалучу Украинан бахархойн а, компанийн а цIераш вовшахтохий, тептар кечде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG