ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роскомнадзоре арздина гIалгIаша


Магасехь митингаш дIахьочу юкъанна мобилан интернет дIалакъорна меттигерчу 30 вахархочо арздина Роскомнадзоре. Латкъамаш вовшахтухучу адвокато Даурбеков Хьусайна бина и хаам "Коммерсант" газете. Цо даредарца, карарчу беттан 3-чу дийнахь дуьйнна 17-чу дийне кхаччалц мобилан зIенан операторша цхьа а низаман бух а боцуш, интернетах дIахадийра шаьш аьлла, хIинцале а 400 арз кхаьчна цуьнга. Арз листа бутт хан ю Роскомнадзоран аьлла, билгалдаьккхина адвокато. Шайн бакъонаш хьаьшна аьлла, Роскомнадзоро тIечIагIдахь, кхеле латкъамбан Iалашо ю бахархойн, операторшкара компенсаци яккха.

Кху беттан 4-чохь ГIалгIайчуьрчу Магасехь митинге бевлира нах, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхойн дозанаш билгалдохуш, барт хиллачул тIаьхьа.

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, 17-чохь акци юкъахъяьккхира цара, гIалгIайн къоман Дуьненаюкъара конгрессна кечамбан Iалашонца. Цу дийнахь болхбан йолаелира интернет а. Протестхоша мехкан Iедал бехкедира, шайн интернет дIаяккхарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG