Римерчу "Республика" олучу социйлера эскалатор тIехь хиллачу бохамехь лазийнарг 15 Оьрсийчуьра вахархо ву, царех кхоъ халачу хьолехь ву аьлла, яздо "Керланаш" агенталло. Оьрсийчоьнан векалтан хаамашца, лазийначех шиъ этIийна.
Шинарин суьйранна уггар а адамаш дIасалелачу юкъанна хилла бу и сингаттам Римерчу метро чохь. УЕФА-н Чемпионийн Лиган этапан гурашкахь дIахьочу матче хьовса боьлхуш хилла ЦСКА-н фанаташ бу доккхачу декъанна лазийнарш.
Эскалатор сихаллица дIа а йолаелла, цIеххьашха сацаран бахьанашца хилла метро чохь и инцидент. Римерчу прокуратурано талламаш бу цунна гонах болийна.