ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашогги вер толлучу юкъанна 50 миллиард долларна пайда бина CаIуда-Iаьрбийчоьнан Iедалша


Эла Мухьаммад ибн Салман
Эла Мухьаммад ибн Салман

Эр-Риядехь дIаяьхьначу инвесторийн конференцехь СаIуда Iаьрбийчоьно 50 миллиард долларна бартбина мехкадаьттан а, газан а, инфраструктуран а декъашкахь. Reuters агенталло бо и хаам, пачхьалкхан Iедалхойн хаамашна тIе а тевжаш. Оппозицин журналист Хашогги Джамал Истанбулехь вер толлучу юкъанна яьккхина и экономикан кхиаме гIулч.

Оцу юкъанна тидам хилла Паччахьаллин энергетикан министраллехь конференцин декъашхой кIезиг хилар. Хашогги верна эргIадбахначу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн, Францин, Нидерландийн финансийн министраша а, Малхбузерчу пхеа яккхийчу банкийн куьйгалхоша а бойкот кхайкхийнера Эр-Рияде бахка. Конференцехь хилира Оьрсийчоь а, Китай а, кхин а цхьа могIа субъекташ а. Яра царлахь францхойн Total концерн а.

Де хьалха дIакхайкхийнера, Хашогги верца доьзна Iамерко цхьа могIа саIудахойн хьаькамашна дуьхьал санкцеш яха тарло аьлла.

Хьалххе барт а бина, хаа а хууш вийна СаIуда Iаьрбийчуьра журналист Хашогги Джамал аьллера Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG