ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIерачара гIело латточарна тIехIуттур бу бакъонашларъярхой


"Бакъонан зона" бакъонашларъяран организацино телефонан лоьмар билгалъяьккхина, нагахь цIерачара тIехь гIело латторах арздича полисхоша а, я хьаькамаша тергамза шаьш дуьтуш делахь шайга орца даккха аьлла.

Кхааридийнера карабогIучу беттан 2-чу дийне кхаччалц схьа бакъонашларъярхоша ларбийр бу полисхойн а, социалан белхахойн а ледарлонех бахархоша шайга кхачон хаамаш. Телефон тоьхначарна хьоьхур ду, кхи дIа хьаьнга гIо деха деза, хIун кехаташ кечдан догIу а. Ишта шайга кхаьчна информаци Талламан комитете а хьажор ю бакъонашларъярхоша.

Росстатан зерашца, 2016-чу шарахь цIерачара гIело латтийна 16 миллион зударшкахь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG