ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан премьер-министр ца хаьржина Пашинян Никола


Пашинян Никола
Пашинян Никола

Кхааридийнахь Эрмалойчоьнан парламенто кхаьжнийн хьалхарчу турехь премьер-министран даржехь къобал ца вина Пашинян Никола, хаамбо Маршо Радион эрмалойн сервисо. "Елк" парламентан фракцино хьалхатеттинчехь цхьа кандидат вара Пашинян. Премьер хоржучу харжамийн шолгIа тур дIахьур ю карабогIучу беттан 1-чу дийнахь.

Кхаьжнаш ца тосуш юхаяьллера парламентан кхо фракци, ткъа "Елк" куьг ца ойбуш Iийра. Ишта виссина Пашинян цхьа а кхаж боцуш. Цхьана депутато ша дуьхьал хилар дIахаийтина, 11 кхаж ца тесна.

Кху беттан 16-чохь ша премьер-министран дарж охьадилларх дIакхайкхийра Пашинян Николас. Хенал а хьалха парламентехь харжамаш дIабахьийтархьама яьккхинера цо и гIулч.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG