ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовна йина дисквалификаци дIаяхйина


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Лас-Вегасехь латар дирзинчул тIаьхьа хилла инцидент бахьана долуш UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибна а, Ирландин латархочунна Макгрегор Конорна а йина дисквалификаци дIаяхйина Невада штатан Атлетикан комиссино. MMAFighting сайто бина и хаам. Ишта комиссино сацамбина Нурмагомедовна йогIучу 2 миллион доллар гонораран 50 процент цунна юхаяла.

Маршо Радионо яздира, Нурмагомедов Хьабиба Лас-Вегасехь хиллачу UFC латарехь Макгрегор Конор эшорах. ЙоьалгIачу раундехь Нурмагомедовс садукъочу кепехь лаьцнера ирландхо.

Латар дIадирзинчул тIаьхьа йоццучу хенахь тасаелира Магомедовн а, Макгрегоран а тобанаш. Леташ берш дIасабехира сихха юкъалилхинчу хадархоша а, оцу сарахь леташ хиллачу кхечу спортхоша а.

Цхьаболчу хаамаша яздора, Макгрегорх латарна Нурмагомедовна 2 миллион доллар кхочур ду бохуш. Ткъа ирландохочунна лур долчу ахчанан барам 3 миллион доллар хир бу.

Карарчу хенахь Невадан Атлетикан комисси инцидент толлуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG