ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашогги верах вистхилла СаIуда Iаьрбийчоьнан эла


Эла Мухьаммда бин Салман
Эла Мухьаммда бин Салман

Оппозицин журналист Хашогги Джамал верна шен агIончаш шеконашка эцначул тIаьхьа дуьххьара вистхилла СаIуда Iаьрбийчоьнан эла Мухьаммад бин Салман, яздо CNN телеканало. Эль-Риядехь йоьдучу инвесторийн конференцехь "вон зулам" ду динарг аьлла бин Салмана.

"Массо а саIудхошна а, доллу дуьненна а лазаме инцидент ю иза. Оьшуш дацара и", - аьлла, дIакхайкхийна элас. Цо чIагIо йина, Хашогги вийначарна Iедална хьалха жоп лур ду аьлла.

Дахначу кIиранах СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша дIахьедира, Истанбулехь консулаллехь хиллачу латаршкахь вийна Хашогги аьлла. 18 пачхьалкхаллин стаг ву оцу зуламна бехке хеташ лаьцна. Лаккхарчу даржашкара вохийна пхи хьаькам.

СаIуда Iаьрбийчоьно ларамза вер нисделла аьлла, яржийна версица реза бац дуккхаъберш. Туркойчоьнан президенто шинаридийнахь журналисташца хиллачу къамелехь дIахьедира, оппозицин журналист Хашогги вен план тоххар дуьйнна яьккхина хилла аьлла.

Хашогги Джамал, Iарбойн, Малхбузен хаамийн гIирсашца цхьана болх бечу Al Arab News каналан директор вара. Карарчу заманчохь ЭР-Риядо лелочу политикана дуьхьал артиклаш зорбане йохура цо.

Хашогги вайнера карарчу беттан 2-чу дийнахь, Истанбулерчу саIудахойн векалалле чувахначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG