ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лобов а, Тухугов а Нохчийчохь латийта лаам бу Кадыровн


Тухугов Зубайр а, Кадыров Рамзан а
Тухугов Зубайр а, Кадыров Рамзан а

ММА-н ийначу кепехь латархойн Лобов Артеман а, Тухугов Зубайран а латар Нохчийчоьнан дозан тIехь хилийта кийча ву мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Инстаграмерчу шен пена тIехь бина цо и хаам. Карарчу беттан 27-чохь Канадехь вовшахлата дезаш вара ши спортхо. Лас-Вегасехь Нурмагомедов Хьабибан а, Макгрегор Коноран а латарш дирзинчул тIаьхьа шина а тобан латархоша къепе йохор бахьана долуш юкъахъяьккхинера Лобовн а, Тугуговн а турнир.

Макгрегор а, Нурмагомедов а вовшахлетачу дийнахь ирландхочун командехь хилла Лобов трибуни тIехь вара, ткъа Тухугов леттера Макгрегоран агIончех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG