ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сахаровн цIарах совгIат дина Сенцовна


Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, бехкала воьллина, Оьрсийчоьно набахтехь даккха 20 шо хан тоьхначу Украинан режиссерна Сенцов Олегна Сахаровн цIарах "Маьрша ойланца хилар" аьлла совгIат дина. Брюсселерчу Маршо Радион корреспонденто бина и хаам. Европарламентан уггар йоккхачу политикан фракцино – Европан халкъан партино хьалхатеттинера Сенцов.

"Оьрсийчоьно ГIирмехь урхалла дарна дуьхьал протест ярна лаьцна ву Сенцов", ишта "политикан бух тIехь Оьрсийчохь дIалецна, яккхий хенаш йиттинчу 70 гергга Украинан бахархошна символ хилла дIахIоьттина а ву иза" аьлла, билгалдаьккхина партин векалша.

Сенцовн адвокато Динзе Дмитрийс дIахьедина, ша совгIатан лауреат хиларх цIера кехат кхаьчча бен Сенцовна хуур дац аьлла. Маршо Радион "Настоящее время" каналца къамелехь Динзес ша тешна ву аьлла, и совгIат бахьана долуш Сенцов хийцарх долийначу къамелех цхьа йист ер ю аьлла.

Украинхойн режиссеран Сенцов Олеган шичас Каплан Натальяс Маршо Радиога дIахьедина, Европарламентан сацамо Олегна кхи дIа а къонахаллица чекхвала гIо дийриг хиларх а, цунна ша вицвелла воций а хуург хиларх.

КарабогIучу беттан 12-чохь Страсбургехь дIасадоькъур ду совгIаташ. Ахчан барам бу 50 эзар евро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG