ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чеченнефтехимпром" Нохчийчоьнна дIалур йолу де билгалдаьккхина


"Чеченнефтехимпром" Нохчийчоьнан долайоккхур ю карабогIучу беттан 15-чу кхачале аьлла, де билгалдаьккхина мехкан Iедалхоша. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ арахийцира байначу беттан 18-чохь нохчийн Республикана ОАО "Чеченнефтехимпроман" 100 процент акцеш дIалуш. ХIинццалц иза федералан долара мехкадаьттан компани лорyш яра.

"Чеченнефтехимпром" Нохчийчоьнна схьалахьара аьлла, Путине дехар динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2015-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG