ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи миллионна зенаш дина ГIалгIайчуьрчу юьртдас латтанаш доьхкина


ГIалгIайчуьра Буро-КIален (Барсуки) юьртдас бакъо йоцуш латтанаш меттигерчу бахархошна дIасадекъна аьлла, шеконаш кхоллаелла талламчийн. Болчу хаамашца, 2016-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц цо харц кехаташ кечдина хилла, республикерчу масех стеган долахь и латтанаш хиларх. Оцу юкъанна пачхьалкхан доларчу латтанийн дозанаш къастийна а ца хилла, цу тIе Несаран кIоштан администрацин а хилла и латтанаш. Делахь а, бахархойн аьтто хилла латтанаш шайн цIартIе дерзон.

ГIалгIайчоьнан Талламан комитето бахарехь, администрацин куьйгалхочо латтанашца лелийначу курхаллашца 5 миллион соьмана зенаш дина хилла.

Бехкхилар тIечIагIдахь 7 шо гергга хан кхачайо цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG