ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца дозанашкахь йолу ярташ кхио Iалашо ю Евкуровн


Нохчийчоьнца доза тоьхна ярташ кхиоран проект кечъе аьлла, министрийн кабинетна тIедиллина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека цаьрца хиллчу кхеташонехь.

"Сунженск кIоштарчу Берд-Юьртан, Арштын, Даттыхан, Чемульган, Алкунан а, ишта Малгобекан кIоштарчу Аки-Юьртан, Новый Поселок олучу юьртан а инфраструктура кхиорхьама проект кечъян омра дина ас",- яздина Евкуровс еаридийнахь шен "ВКонтактерчу" агIонехь.

Хьалхо белхан хьокъехь Москох цхьанакхетар хиллера Евкуровн Оьрсийчоьнан вице-премьерца Мутко Виталийца. Цушиммо дийцарш динера ГIалгIайчоьнан Нохчийчоьнца дозанашца йолчу ярташна гIо эшарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG