ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIайчу цIийно бакъ ца до Трампан телефон ладугIуш хилар


ЛадоьгIуш юй хьажархьама кест-кеста кхерамзаллан урхаллаша талла а толлуш, Iамеркан Цхьатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан белхан цхьа телефон бен яц аьлла, дIахьедина цуьнан пресс-секретаро Гидли Хогана.

Трампа наггахь шегарчу телефонехула къамелаш до, Iамеркан къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнан а, Китайн а сервисаша цуьнан телефон ладоьгIуш хиларх шега дIахьедешшехь бохуш, The New York Times газетано Iораяьккхинчу публикацех комментари йитина цо. Ша Трампа и информаци "фейк" ю аьлла, делахь а бакъдина цо, юкъ-кара шен доларчу смартфонах пайдаоьцу ша аьлла.

The New York Times хьостано чIагIдо, шаьш информаци кхоччуш теллинчул тIаьхьа бен Iораяьккхина цахиларх. Ишта газетано билгалдаккхарца, дукхахйолу шен твиташ Трмапа айфонехула кхоьхьуьйтуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG