ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхошна тIехIоьттина Amnesty International


Бакъонашларъярхошна тIаьхьадевлла а ца лелаш, дуьненаюкъарчу низамашкахь адамийн бакъонаш ларъярехь цаьрга болх байтар дехна Оьрсийчоьнан Iедалхошка Amnesty International организацино. Пачхьалкхан 11 регионехь болх бечу бакъонашларъярхошна тIехIиттинчу бахархойн 169 эзар куьйгяздина кехат кхачийна Оьрсийчоьнан президентан администраце жигархоша а, организацийн векалша а.

Адамийн бакъонаш ларъечу жигархойн цIераш тIе язйина дуьсийна лоппаргаш а хийцира Кремлна герггахь стигал, дуьйцу Маршо Радион корреспонденто.

Бух боцу бехкаш бакъонашларъярхошна дуьхьал а дохуш, царна дина тIелатарш листа а ца луьстуш, бакъонашларъярхой бехбеш, провокацин къамелаш до Оьрсийчохь официалан Iедалхоша, ишта Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана аьлла ду Amnesty International организацин пресс-релизехь яздина.

Масала далош хьахийна, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, лаьцна латто Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхо Титиев Аюб. Телевизионан эфирехь Кадыровс Титиев наркоман ву аьлла, дIакхайкхира.

Наркотикаш кхийсина ю аьлла, чIагIдо Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а, ткъа цунна дуьхьалдаьккхина гIуллакх политикан бух тIехь лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG