ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов Адаман хадархошна 7 шо хенаш ехна набахтехь такха


Делимханов Адам
Делимханов Адам

"Аэроэкспресс" журнал арахоьцучу Жуков Константинера 90 миллион сом даккхарна бехкевечу пхеанна 7, 5 шо хенаш тохар дехна. Бехкебечех шиъ Думан депутатан Делимханов Адаман хадархой бу. Хьалхо царна тIехIоьттинера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хилла белхахой Ахмаев СаьIид а, Болатбаев Лечи а ву царех шиъ. ГIалгIайчуьра ву Булгучев Ахьмад а, Мовлади а. Иштта цаьрца хилла Жуковн хилла бизнес-партнер Катков Евгений а. Тоба вовшах а тоьхна, ахчанаш дохуш хилла цара, яздо РБК агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG