Урдунехь хи тIедаларан бахьанашца мел лаххара а 20 стаг велла, 40 лазийна. 14 шаре довланза бераш ду царлахь. И хаамбина пIераскандийнахь Ammon News портало, яздо ТАСС агенталло. 37 бер а, 7 хьехархо а цхьана волуш экскурсе баьхкина хилла берийн самукъадаккха хIордан йисте. ЦIеххьашха ловзабаьллачу хIордо дIатекхийна уьш.
Беллачарлахь а, лазийначарлахь а бу гIамаран пляжехь шайн доьзалшца садаIа гулбелларш а цхьана. Иштта Iуьйранна дуьйнна ши эзар сов стаг ара а вьлла, Ал-Ахвар регионехь лоьхуш бу байнарш.
Хилла бохам бахьана долуш охьаяхийтина пачхьалкхан байракхаш а. Iедалхоша талла долийна сингаттам эккхаран бахьанаш.