ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаа дийнахь 20 гергга стаг араваьккхина нохчийн Iедалша хIусамашкара


Кхаа дийнахь юкъарчу хIусамашкара 20 гергга стаг араваьккхина Нохчийчоьнан Iедалша, кхин а масех иттанашкахь декхаребина тIейогIучу хенахь чуьра арабовла. Маршо Радионо яздира, кху беттан 15-чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьаькамашна тIедилларх, юкъарчу Iойленашкахь талламаш а бай, маьхза хIусамашка сатуьйсучийн тептаршкара оцу гIишло чохь хила йиш йоцурш арабаха аьлла.

Цо бахарехь, тахана Соьлжа-ГIалахь тховкIело йоьхучу 19800 стагах 20 эзар аферисташ бу. Оццу дийнахь дIадолийра Соьлжа-ГIалара а, Гуьмсера а, Хьалха-Мартанара а юкъара хIусамаш таллар.
"Кавказан узел" агенталле меттигерчу бахархоша латкъамаш бинера, шайн гергара нах цхьа кехат а ца гойтуш хIусамашкара арабохуш бу аьлла.

Масех де бен дац шаьш хIусамех хьуьйсу, амма хIинцале а дуккха а меттигаш карийна шайна бахархоша къепе йохийна аьлла агенталле гIалин администрацехь.

"Шайн долахь ярташкахь хIусамаш йоллушехь оцу юкъарчу Iойлехь цхьацца чоьнаш дIа а лаьцна беха уьш. Цул совнах, хаабелла тхуна цу чохь Iен цхьана а кепара карахь бакъо йоцуш берш а", - аьлла шахьаран мэрехь.

И доллу адам чуьра арадоккхуш ду, амма тховкIело йоцуш вуьтуш цхьа а вац аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочун аппаратехь а.
"Оцу нахана цхьа хан ю луш, баха меттиг лаха. Ярташкахь хIусамаш ерш шайн цIа боьрзу. ГIалахь бисса луучура ханна петарш лоьцу шайна Iен а, даха а", - аьлла аппаратехь.

Ишта цара даредарца, тIаьххьарчу масех дийнахь 20 гергга стаг араваьккъина юкъарчу хIусамашкара, гергарчу хенахь кхин а иттанашкахь бу арабаха билгалбаьхна аьлла Соьлжа-ГIалин администрацехь.

Шен цIе яккха ца хIоьттинчу Гуьмсерчу юкъарчу хIусамера араяьккхинчу зудчо дийцина "Кавказан узел" агенталле ша тIаьххьарчу итт шарахь цу гIишло чохь ехаш яра, ткъа цу чуьра араяккхаран бахьана ду, Iедалхошна шен веллачу цIийнедн цIарах юьртахь латта хилар гучудалар. "Шу дакъа ду, цу тIехь наха санна шайна хIусам хьалае аьлла соьга. И латта сан жимахволчу марвешо дIалаьцна ду хIинца, ткъа сан а, сан йоьIан а яха меттиг бац", - аьлла Гуьмсерчу яхархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG