ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу бахархошка шена къинтIера довлар дехна Кадыровс


Оьрсийчоьнан зорбанаша хаамбо, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIалгIайчу а веана, меттигерчу къаношка Барахоев Ахьмаде а, Погоров Ахьмаде а шена гечдар дехна аьлла. "ГIалгIайоь 2018" а, "Расуле хатта" олучу телеграм-каналийн хаамашца, пIераскандийнахь хилла и.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьединера, Магасехь митинг йоьдучу хенахь шен цIарах негативе къамелаш дарна, Барахоев Ахьмад жоьпе озор ву ша аьлла.

ПIераскандийнахь юьхьанца дийца долийра, Кадыровн векалш ГIалгIачуьрчу Погоров Ахьмадан кетIа а баьхкина, луларчу кхаа ураман го лаьцна аьлла. Меттигера жигархой баьхкинера къаночун цIийнан кевне, Нохчийчуьра яьхкина машенаш гоне а ерзош.

Дийцарехь тешаш уллохь а болуш, къамел хилла Кадыровн а, Погоровн а. Иштта видео яьржина, Барахоевс хиллачу къамелан жамIех дуьйцуш. Цо а чIагIдина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шаьш къинтIера дахар.

"Ас телевизионехь аьллачух шу нийса ца кхетта. Ас аьлларг доллу гIалгIайн къоме аьлла дац. Ас уш къонахий дац ца аьлла. Ас бохург хIун ду, сан парламенто низам тIеэцна - латта сан ду. Ас шуьга бохуш хIуммаъ дац", -аьлла Кадыровс.

Цул тIаьхьа шена бехк ца биллар дехна Кадыровс, нагахь ша хьаштдоцург аьллехь а, шена къинтIера довлар а доьхуш.

"Цул тIаьхьа Сараждина (Погоровн да) соьга цунна къинтIера вала элира. ТIаккха ас а гечдира цунна. Мар-мара а кхеташ, дирзира тхан дов", -аьлла Погоров Ахьмада.

Барахоев Ахьмада билгалдаьккхина, хIетте а Нохчийчоьнна латтанаш дIадаларна дуьхьал протесташ ечуьра шаьш совцур дац аьлла.

Карладоккху, Маршо Радионо яздира, кху беттан 16-чу дийнахь Кадыров Рамзана Магасехь митингаш вовшахтоьхначарна бехкаш дохкуш, кхерамаш тийсарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG