ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакхо шена дина луьра таIзар малдар дехна


Велла дIаваллалц набахтехь хан яккха Соль-Илецкехь чувоьллинчу "Тракторист" цIарца вуьйцучу, нохчийн тIемалойн буьйранча лаьттинчо шена дина луьра таIзар кIаддар дехна. 2001-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу кхело велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийнера цунна.

Цуьнан гIуллакхан материалашкахь яздарехь, 1996-чу шарахь Нохчийчохь йийсаре лаьцна виъ оьрсийн салти вийна цо, видео а йоккхуш. Ишта иза бехкевина кхелахоша тобанашца динчу кхидолчу даккхийчу зуламашна а. Оренбургерчу Соль-Илецкан суьдхошка дехна цо, шен дов юха хаттар. Кхело дехар тIе ца дитина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG