ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу "Водоканалан" хилла хьаькам кхеле хIоттийна


Соьлжа-ГIаларчу "Водоканалан" хиллачу директорна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх теллина бевлла Нохчийчуьрчу Талламан комитетан белхахой. Хьаькам хилларг бехкево баккхийчу барамашкахь зуламаш дарна: ял дIа а ца луш, кIелхьарвийларна.

Болчу хаамашца, МУП "Водоканалан" директоро 2014-2015-чу а шерашкахь йолан инспекцин хьукмате харц хаамашца декларацеш кхоьхьуьйтуш хилла. Цу кепарчу хьарамлонашца хьаькамо зен дина хилла 32 миллион соьмана. Иза бехкехиларан тоъал тоьшаллаш вовшах а тоьхна, Талламан комитето кхелахошка дIакхачийна кхи дIа листа гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG