ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн тайпанаш вовшахкхетта Несарахь


Юкъаралхочун Абадиев Идрисан кертахь Несарахь гIалгIайн къоман тайпийн съезд ю дIайоьдуш, Нохчийчоьнца дозанаш къасторан хеттаршна лерина, дуьйцу "ГIалгIайоьнан" газетан корреспонденто. Цигахь вовшахкхетта кеп-кепарчу яртийн къаной. Дийцаредеш ду юкъара политикан хьал, коьртачу декъанна дуьйцуш ду Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарх, яздо хьостано.

Ишта цу боламехь дакъалоцуш бу махкахь бевза юкъаралхой а, Магасехь митинг хIоттийнарш а, динан а, бакъонашларъяран а, гIоьналлин а организацийн векалш а. Коьрта тема йийцарейина ца Iаш, къанойн Iалашо ю кху беттан 30-чу дийнахь дIакхайкхийначу Дуьненаюкъарчу гIалгIайн 1-чу конгрессе хьовсо делегаташ харжар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG