ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Питтсбургерчу синагогехь герзаш диттина нах байина


Питтсбургера синагога
Питтсбургера синагога

Iамеркан Пенсильвани штатерчу Питтсбургерчу синагогехь герзаш диттина мел лахара а 10 стаг вийна аьлла бу CBS телеканалан зулам хиллачу меттигера бина хаам. Бокъдолу терахь мел ду хууш дац, CBS телеканало полисхойн хаамашна тIе а тевжина дIахьедина вийнарг бархI стаг ву аьлла. Ишта Reuters агенталло дIакхайкхийна, вийнарг бархI, лазийнарг 12 стаг ву аьлла.

Меттигерчу KDKA канало хаамбарца, синагоган хьалхарчу гIат тIехь вийна 4 стаг герзаш диттина, кхин а 4 вийна лахарчу тIегIа тIехь. Сурт гинчара дийцарехь, кIайчу аматахь мажца волу стаг Iуьйранна 9:45 минот хан яьллачу хенахь синагога чу а вахана герзаш кхийса волавеллера.

Тешаша даредарца, "Массо а жуьгтий байа безаш бу" бохуш, мохь бетташ хилла тIелеттачо. Полисхоша тIечIагIдина тIелеттарг 49 шо долу Боуэрс Роберт хилла аьлла.

Зулам хиллачу меттиге полици кхаьчча, оцу стага герзаш диттина царна дуьхьал а. Веа полисхочунна чевнаш йина, дуьйцу хаамашкахь. Полисхоша лазийначул тIаьхьа каравеана зуламхо.

Шеконашца лаьцначу Бауэрс Роберта тIелатар дале хьалха Интернетехь шен Iалашонех хаамбина хиллера. Цуьнан йозанна репост йина хилла Твиттерерчу шен агIонехь журналисто Клири Тома.

"Сан къам хIаллакдеш кхи дIа детта са дац сан. Хьовсийша - со дIавогIуш ву", - аьллачу Бауэрсан дешнаш далийна Клирис.

Синагогана уллохь герзаш диттинчу кIоштахь бехаш бу доккхачу декъанна жуьгтий.

Килсаш чохь а, маьждигашкахь а герзаш диттинарш бойуш таIзар юкъадаккхарх хьахийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда. Дукхахберш дуьхьал бу стаг верна, амма цунна хетарехь, Делах тешарш гулбеллачохь герзаш кхуьйсучарна шерашкахь латта а ца беш, байа беза аьлла, билгалдаьккхина Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG