ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саммит: Шемахь машар хIоттарца маьрша харжамаш хилийта беза


Шемара конфликт ерзош политикан процесс йоло еза Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацино (ООН) шен тIома кIел а лаьцна. Еа пачхьалкхан (Германи, Франци, Туркойчоь, Оьрсийчоь) куьйгалхойн шоьтадийнахь Истанбулехь хиллачу цхьанакхетарехь официала дIахьедар дина цу кепара. Шо дерзале конституцин реформи тIехь болх бан Шеман комитет гулъяр кхайкхийра агIонаша. Цу кепара процесс ерзош "диаспоран а цхьана, массо а шемахочун бакъо хила еза маьрша харжам бан" аьлла, билгалдаьккхина Германин канцлеро Меркель Ангелас. МухIажирш шайн лаамехь пачхьалкхе юхабахка хьелаш хIитто а деза Шемахь, аьлла коммюникехь.

Францин президенто Макрон Эммануэла дIахьедина, дуьненаюкъаралло Шемарчу хиламашна тIехь лерина терго латтор ю аьлла. Цо билгалдаккхарехь, президентан Асад Башаран ражан, я цуьнан агIончийн муьлххачу а тIеман операцино мегар йоцу тIаьхье юьтур ю кхерамзаллан а, гуманитаран а дакъошкахь.

2011-чу шарера схьайогIуш ю Асад Башарна а, кеп-кепарчу цунна дуьхьал лаьттачу агIончашна а, терроран тобанашна а юкъахь иккхина тIеман конфликт. БIеннашкахь эзарнашкахь нах байина шемарчу тIамехь. 5 миллион сов вахархо мухIажир ваьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG