ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп: Антисемитизман бух тIехь динчух тера ду хIара инзаре зулам


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Пенсильванин штатерчу Питтсбургехь синагогехь динчу тIелатарехь 11 стаг вийна шоьтадийнахь. Питтсбурган полисхоша гоне ерзийна синагога герзаца стаг цу чохь хаавеллачул тIаьхьа. CBS телеканалан хаамашца, тIелатархо шоьтадийнахь синагогехь нах гулбеллачу заманчохь гIишлонна чу а иккхина, адамашна тIе герз детта волавеллера.

"Массо а жуьгтий байа безаш бу" бохуш, мохь бетташ хилла цо, дийцина полисхойн хьастано.

ABC телеканалан а, Reuters агенталлан а хаамашца, герз кхийсина "кIайчу аматара маж йолу стаг" дIалаьцна. Цуьнан цIе хилла Бауэрс Роберт.

Днем в субботу Дональд Трамп заявил в беседе с журналистами, что стрельба в Питтсбурге «не имеет отношения» к законодательству о регулировании оборота оружия. Он добавил, что если бы в синагоге была охрана, трагических последствий можно было бы избежать.

Шоьтадийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда журналисташца хиллачу къамелехь дIахьедина, нагахь синагогехь хадархой хиллехь, оццул нах хIаллакбар хир дацара аьлла.

Ишта Reuters агенталло хааме даккхарца, "антисемитизман бух тIехь динчух тера ду хIара инзаре зулам" аьлла, дIахьедина Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG