ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кокорин а, Мамаев а набахте хьажорна дуьхьал ву Кадыров


Футболисташ Кокорин Александр а, Мамаев Павел а набахте хьажор маьIне ца хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цаьрца кхетош-кхиоран болх бан дагахь ву иза, нагахь и шиъ "Ахмат" клубе дехьавалахь. "Оьрсийчоьнан футболна боккха эшам хир бу, нагахь уьш чубохкахь. Оха кхетор вара и шиъ, тхуна дика футболхой а хир бара царех", аьллачу Кадырвн дешнаш далийна ТАСС агенталло.

Ишта Кадыровс билгалдаьккхина, ша и шиъ бакъвеш цахилар а. Шаьшингара даьллачунна Кокорин а, Мамаев а дохковаьлла хиларна, маьIне ца хета шена и шиъ чуволлар аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Карладоккху, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттина, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин, йохка-эцаран министраллан хьаькамах Пак Денисах а, ФГУП "НАМИ" компанин директорх Гайсин Сергейх а тасавеллера и шиъ.

Москохарчу Тверскойн кхело ГIуран-беттан 8-чу дийне кхаччалц Кокорин а, Мамаев а чохь вуьтуш сацамбина.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG