ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом боьрзур бу Вашингтонна лиъначу хенахь аьлла Кадыровс


Шемара тIом боьрзур бац Вашингтонна а, цхьа могIа Европан яккхийчу пачхьалкхашна а лаъалц аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, "Шеман Iедалхошна а, шемахошна шайна а мел чIогIа лаарх а, тIом боьрзур бац, Iамеркана, Израилна, Европана, кхечу коалицин пачхьалкхашна а цхьана лууш дацахь. Шемахь цIий Iенор ду, оцу пачхьалкхийн цхьа барт хиллалц",- аьлла Кадыровс, яздо "Керланаш" агенталло.

Шемара конфликт ерзош политикан процесс йоло еза Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацино (ООН) шен тIома кIел а лаьцна аьлла Германин, Францин, Туркойчоьнан, Оьрсийчоьнан куьйгалхоша шоьтадийнахь Истанбулехь хиллачу цхьанакхетарехь.

Шо дерзале конституцин реформи тIехь болх бан Шеман комитет гулъяр кхайкхийра агIонаша. Цу кепара процесс ерзош "диаспоран а цхьана, массо а шемахочун бакъо хила еза маьрша харжам бан" аьлла, билгалдаьккхина Германин канцлеро Меркель Ангелас. МухIажирш шайн лаамехь пачхьалкхе юхабахка хьелаш хIитто а деза Шемахь, аьлла коммюникехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG